ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн фондо гуманитаран гIо кхачийна шемахошна


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Mylistory агIон тIехь видео а хIоттош хаамбина, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо Шемарчу бахархошна гIо латторах. Цуьнан информацица, уггар а оьшучу сурсатех гуманитаран гIо хьажийна фондо Алеппо а, Демаьшка а, Латаке а, дукха хан йоццуш маьршаяьккхинчу Дайр-эз-Зауре а.

Цул совнах хинан къоьлла йолчу кIошташкахь хи латто гIунаш яхар а ду тIедиллина.

Кадыровн фондан дехарца цхьахйолчу фабрикехь 20 эзар довха юргIанаш а ду тега долийна, 100 операци яр ду тIелаьцна берашлахь а, баккъийчарлахь а.

"Уггар а шайн дахарехь хала мур бу шемахошна тIехIоьттинарг. Вайн декхар ду – ницкъ кхоччург дар", - аьлла Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG