ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь оьрсийн кема дохийна


Оьрсийчоьнан Су-24 кема дохийна Шемахь, летчик каиапулте вахана, амма террорхошца тасадаларшкахь вийна иза аьлла, хаам бина ТАСС агенталло шоьтан суьйранна, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан информацина тIе а вевжина.

Масех сахьт хьалха хаам кхаьчна хилла оьрсийн тIеман кема доьжна аьлла. Пилот кхиина хилла чуьра араэккха, амма гIаттамхойн информацин ресурсашкахь яздина ду, иза велла аьлла, дуьйцу Conflict Intelligence Team талламхойн тобано.

Шемахойн гIаттамхоша кема дужуш а, доьхначул тIаьхьа цуьнах йисина геригаш а гойтуш, яьккхина видео яржийна. Сийначу гуонехь цIен седа бу кеман тIехь гуш, и штурмовик Оьрсийчоьнан хиларан билгало ю иза.

Твиттерехь зорбане яьккхина пост ю Шемахь болх бечу корреспонденто, цо хIоттийначу суьрт тIехь гуш ду доьхна кема.

2015-чу шарахь дуьйна Шемахь дIахьош ю Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша тIеман операци. Президентан Асад Башаран шаьш агIончаш хилар официалехь дIа а хаийтина, шен авиаци а, эскарш а, хIордкеманаш хьовсийна Шема Кремло.

Президента Путин Владимира масийттазза дIахьедира, шайн декхарш кхочушдина оьрсийн эскарш Шемара юхадерзийна ша аьлла. Шемахь 40 сов Оьрсийчоьнан эскархой байина аьлла бу Оьрсийчоьнан официалан хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG