ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра шо кхаьчна йоI карийна Иракъехь


Нохчийчоьнан Iедалшна оьрсийн шо кхаьчна йоI карийна Иракъерчу цхьана доьзалехь. И бер БагIдадера Москох кхачор ду карарчу бетттан 7-чохь.

Журналисташка и хаамбинарг ву Федерацин Кхеташонан декъашхо, Къилба Африкехь а, Гергарчу Малхбалехь а Кадыров Рамзанан волчу векало Сабсаби Зияда.

Карарчу заманчохь карийна йоI сехьаяккха оьшу кехаташ вовшах а детташ, болх бу жигара баьккхина дIахьош.

Сабсабин хаамца, дахначу шеран гурахь оцу йоьIан кхо ваша Оьрсийчу схьакхачийра, ткъа церан жимахйолу йиша каро аьтто ца хиллера. Цул тIаьхьа гучуделира. И йоI Иракъерчу Iарбойн доьзало шайна дIайигийнийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG