ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газета": Шемахь вийнарг украинхойн хилла летчик ву


Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедарца, оьрсийн Су-24 кема дохийначу базана "нийсатухучу герзаца" тохарш дина. "Джебхат ан-Нусра" террорхойн тобанера 30 вийна.

Iарбойн информацин "Ал-Масдар" порталан ссылка а хIоттош "Интерфакс" агенталло хаамбина, "Калибр" ракеташца дина хилар тохарш.

"Звезда" телеканало зорбане яьккхина тохарийн яьккхина видео.

Оьрсийчоьнан Су-24 кема шоьтан суьйранна чудаийтина Шеман Идлиб провинцехь, кеманчуьра араиккхина пилот вийна хиллачу тасадаларшкахь.

Conflict Intelligence Team (CIT) олучу йозуш йоцучу талламан тобано бахарехь, кеманчуьра араиккхина оьрсийн пилот парашютца лаьтта воьсинчул тIаьхьа, герз диттина вийначух тера ду.

Группана пилотан документийн суьрташ а, цуьнан герз а карийна. CIT-ан информацица, герзе хьаьжча, гуш ду "пилота дуьхьал кхийсарш йина, лаьтта охьакхаьчначул тIаьхьа вийна хилар иза".

"Новая газетане" тIеман министраллерчу хьосташа бахарехь, вийнарг майор Филиппов Роман ву. Симферополера украинхойн хилла летчик.

"Тергамча" Телеграм-каналехь зорбане даьккхина пилотан кисанахь карийна кехат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG