ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъдолчунна тӀера филмийн фестивал йолаелла Соьлж-ГIалахь 


Соьлж-ГIала.
Соьлж-ГIала.

"Вай доккхачу дуьненахь. Дахаран истореш" (Мы в большом мире. Истории из жизни) цIе йолу бакъдолчунна тӀера филмийн фестивал йолаелла Нохчийчохь. ТАСС агенталло дийцарехь, цу фестивалехь гойтур ю масийтта пачхьалкхера 8 филм.

Гайтам дIахьура бу Соьлж-ГIаларчу Кхузаманан исбаьхьаллан центрехь. Нохчийчуьрчу бахархошна гойтур йолчу филмашна юкъахь ю "Касабланкин похIма" цIе йолу Мароккохь йолчу зударийн юкъараллин институтах а лаьцна филм а, "Альенден берийн бераш" цIе йолу Чили пачхьалкхарчу дешархойх дуьйцуш а филм, туркойн сериалаш хьажархошна бечу тIеIаткъамах лаьцна "Кхоллам" филм а, иштта дIа кхин а филмаш.

Цу кепара фестивал дуьххьара дIахьош ю Къилбаседа Кавказерчу еъа гIалахь, шайна юкъахь Каспийск а, Соьлж-ГIала а, Магас а, Нальчик а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG