ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вочу хьолехь бу Нохчийчохь газ йиккхина багийнарш


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Бохам хиллера Чиллан-беттан 3-чу дийнахь Мескер-эвлахь. Орцаллан министралло дийцарехь, доларчу хIусамехь биргIа галъялар бахьана долуш гулйелла газ иккхинера, кхо стаг а вагош. Царах цхьаъ бер ду.

Багийнарш охьабехкина бу Соьлж-ГIаларчу номер 4 йолчу дарбанан хIусамехь. Республикерчу могушаллан министраллан векало бинчу хаамца, уьш цхьанаэшшара вочу хьолехь буьсуш бу, хаам бо "Кавказский узело".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG