ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъерчу доьзалехь кхобуш йолу нохчийн йоI цIаерзор ю Сабсабис


Нохчийчоь -- Сабсаби Зияд а, Шемара цIаберзийна зударий а, бераш а. Архивера сурт.
Нохчийчоь -- Сабсаби Зияд а, Шемара цIаберзийна зударий а, бераш а. Архивера сурт.

Нохчийчоьнан Iедалш цIаерзо дагахь ду Иракъерчу цхьана доьзало кхобуш йолу 7 шо долу нохчийн йоI. Иза шайн доьзале эцна хилла иракъхоша цхьа шо а кхачанза иза йолуш.

ЙоI Оьрсийчоьнан махкахо ю. Цуьнан да-нана кхелхина тiеман хиламашкахь, хаам бо РИА Новости агенталло, Сабсаби Зиядана тIе а тевжаш.

Дийцарехь, хьалхо Оьрсийчу цIаверзийнера кхо кIант, амма церан йиша карош яцара.

Таханлерчу денна Иракъера а, Шемара а Оьрсийчу цIадерзийна 100 гергга зуда а, бер а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG