ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера шайн эскархойн терахь лахдеш ю Iамерка


Иракъ -- Iамеркан эскархой дрон кечйеш бу "Исламан пачхьалкх" тобанерчу тIемалоша а, Иракъан эскархоша а тIом бечу меттиге хьажо. Мосул. Манг. 7, 2017.
Иракъ -- Iамеркан эскархой дрон кечйеш бу "Исламан пачхьалкх" тобанерчу тIемалоша а, Иракъан эскархоша а тIом бечу меттиге хьажо. Мосул. Манг. 7, 2017.

Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIадолийна шайн Иракъехь болчу эскархойн терахь лахдар. Цуьнан бахьана ду меттигерчу Iедалша шаьш "Исламан пачхьалкх" тобанна тIехь толам баьккхина аьлла дIахьедар дина хилар.

Иракъан Iедалан векло ал-Хадити Саада бинчу хаамца, Iамеркан эскархой цу махкара арабахар хьалхарчу тIегIантехь а ду, берриг а Iамеркан эскархой арабохур бу бохург а дац иза.

Пентагоно стохка Лахьан-баттахь бинчу хаамца, Гезгмашин-бутт чекхболуш Иракъехь дIатарвина вара 8 900 Iамеркан эскархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG