ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрерчу кхоллараллин къовсаман финале яьлла нохчийн кхо йоI


Австри, Вена.
Австри, Вена.

Австрехь хIора шарахь дIахьочу «Sag’s multi!» («Шина маттахь ала иза!») цIе йолчу риторикан къовсаман финале яьлла нохчийн кхо йоI. Цу къовсамехь дакъалоцу немцойн мотт ненан мотт боцучу Австрерчу ишколийн дешархоша.

Ненан маттахьий, немцойн маттахьий жюрино шайна хьалха ехкинчу теманех цхьа тема схьа а хаьржина, цунах лаьцна говза дийцар ю къовсалучийн Iалашо. ХIора шарахь пхи бIенна тIера эзаре кхаччалца дешархоша дакъалоцу цу къовсамехь.

Декъашхой кхаа категорине бекъна бу. Хьалхарчу тобанехь 13-14 шераш долу бераш ду, шолгIачу категорехь – 15-16 шераш дерш, ткъа кхозлагIчу категорехь – 17-18 шераш долу лакхарчу классийн дешархой.

Масийта къовсаман гонах чекхбовла беза конкурсехь дакъалоцуш берш, хьалхарчу, къасторан, гонера финале кхаччалца. Кху шарахь къасторан а, регионалан а гонех чекх а бевлла, финале бевллачарна юкъахь ю кхо нохчийн кхиазхо. 13-14 шераш долчийн тобанехь хьалха яьлла Венерчу школера Тайсумова Сумая а, Оздамирова Райана а. КхоалгIачу категорехь тоьллачийн декъа хаьржина Шахтомирова Танзила.

Конкурсан программехь цу кхааммо шайн йозанашка ерзийна ойланаш нохчийн, немцойн меттанашкахь йовзийтира жюрина. Финалехь тоьллачийн цIераш йовзуьйтур ю Зазадоккху-Бутт болалуш.

Даханчу шарахь оцу конкурсехь толам баьккхира шина нохчийн кхиазхочо. Пхийтта шераш долу Ильясова Камилий, Бисаева Фаризий яра и шиъ. Кхечу толамхошца цхьаьна Австрин президенто Ван дер Беллен Александро шен резиденцехь тIе а эцна, декъалйира и ши йоI.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG