ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Катаре яхна Евкуров коьртехь волу ГIалгIайчоьнан делегаци


Евкуров Юнус-Бек коьртехь волу гIалгIайн делегаци кхаьчна Катаре.

Евкуров Юнус-Бек коьртехь волу гIалгIайн делегаци яхна Катаре, хаам бо Кавказ.Реалиино. Дохерчу аэропортехь цунна дуьхьал веана вара Катаран муниципалан кхиаран а, Iаламан а министр Аль Румейхи Мухьаммад бен Абдалла а, Оьрсийчоьнан цу махкахь волчу векал Холов Нурмахьмад а.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан сервисо бинчу хаамца, цу делегацин Iалашо ю Катарехь дIадоьлхучу Оьрсийчоьнан културан денойн дакъа долчу ГIалгIайчоьнан Деношна хьажийначу мероприятешкахь дакъалацар.

XS
SM
MD
LG