ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчоьнан турпалхо" цIе тиллина Шемахь вийначу пилотана 


Оьрсийчоь -- ЦIен розанаш дохкуш зуда ю Москох Оьрсийчоьнан тIеман министраллана хьалха пилотан Филипов Романан суртана улле. 06Чилл2018.
Оьрсийчоь -- ЦIен розанаш дохкуш зуда ю Москох Оьрсийчоьнан тIеман министраллана хьалха пилотан Филипов Романан суртана улле. 06Чилл2018.

"Оьрсийчоьнан турпалхо" цIе тиллина Шемахь вийначу Су-25 тIеман кеманан пилотана Флипов Романна. Хьалхо цуьнан дакъа а, кеманан цхьацца дакъош а дIакхачийнера Подмосковье.

Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, Оьрсийчоьнан тIеман министраллана а, президентан администрацина а тIе а тевжаш. Журналисташкахь болчу хаамца, пилотан дакъа дIаделла Шемарчу тIемалоша, юкъалелаш Туркойчоьнан векалш а болуш.

Оьрсийчоьнан тIеман кема чудаийтинера тIемалоша Идлиб провинцехь. Пилот парашютаца чуиккхинера, амма вийра тIемалошца хиллачу тIематасадаларехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG