ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуровн вешин кIентан дакъа карийна ГIалгIайчохь


Евкуров Юнус-Бек.
Евкуров Юнус-Бек.

Евкуров Юнус-Бекан вешин кIентан дакъа карийна ГIалгIайчохь. Иза бакъ хилар тIечIагIдина РБК агенталле карарчу хенахь махкал арахьа волчу ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо.

Хьалхо Евкуровн гергара стаг велла карийна аьлла, хаам бинера 360 телеканало. Журналисташа дийцарехь, Евкуров Хьасан коьртах герз тоьхна вийна карийна Чиллан-беттан 6-чу сарахь Троицкехь. Цунна уллехь карийна таллархочуьнан топп.

ГIалгIайчоьнан талламан комитето цкъачунна цхьа а комментари йина яц цу хьокъехь, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG