ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъах тилла Марсана тIе хьажийна "Tesla" машен тIехь йолу ракета


Iамерка -- "SpaceX Falcon Heavy" ракета космосе хоьцуш даьккхина сурт. Флорида штат. 6Чилл2018
Iамерка -- "SpaceX Falcon Heavy" ракета космосе хоьцуш даьккхина сурт. Флорида штат. 6Чилл2018

Falcon Heavy олучу ракетаца Марсана тIе хьажийна йолу "Тесла" машен дIакхочур яц хьаржичу орбите. SpaceX компанин куьйгалхочо Маск Илона бинчу хаамца, машен тIемаяьлла йоьдуш ю астероидийн асана тIе.

Гарехь, бахьана ду "Тесла" Марсана уллерчу орбите яккха езачу космосан аппаратан мотораша тIех сов болх бар.

Falcon 9 олу 3 ракета вовшахтесна кечйина йолу Falcon Heavy космосе хьажийна Флорида штатерчу Канаверал олучу меттера Чиллан-беттан 6-чу дийнахь. Цуьнан кхуьа хьалхара дакъа лаьтта тIе охьахаа дезаш дара, царах юха а пайда эца. Амма охьахиънарг ши ракета бен яц. КхолагIа ракета, ягориг а ца тоьъна, охьайоьжна Атлантикан хIорда чохь йолчу платформина улле.

​Falcon Heavy гайтаман проект яра. Маск Илонан космосан программин коьрта Iалашо ю Марс планетина тIе космосан аппараташ а, адамаш дахийтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG