ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман парад дIаяхьа дагахь ву Iамеркан президент Трамп


Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда дехар дина Пентагоне, Iамеркан тIеман ницкъаш дIагайта 2018-чу шарахь Вашингтонехь йоккха тIеман парад дIахьо аьлла. Цунах лаьцна хаам бина Чиллан-беттан 6-чу дийнахь Washington Post газето. И хаам тIаьхьо тIечIагIбина КIайн ЦIийнан зорбанан секретаро Сандерс Сарас.

Парад хир йолу де цкъачунна билгалдаьккхина дац.

Сандерса дийцарехь, президент Трамп гIортор еш ву мехкан кхерамазалла ларйеш шайн дахар ца кхоош болчу тоьллачу Iамеркан эскархошна. Цунна хетарехь, тIеман парад а еш, дезде дIадаьхьча Iамеркахойн аьтто хир бу шайн эскархошна баркалла ала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG