ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитете дIаделла Титиевн гIуллакх


Титиев Оюб кхелехь. Архивера сурт.
Титиев Оюб кхелехь. Архивера сурт.

Нохчийчоьнан прокуратуро, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан республикерчу урхаллера схьа а эцна, дIаделла Титиев Оюбан гIуллакх Талламан комитетан меттигерчу (нохчийн) урхалле. Цунах лаьцна "Интерфаксе" хаам бина адвокато Новиков Ильяс.

Юристо дийцарехь, Титиевс талламхошка дийцина муха хилира полисхой шен машенах хьовсар. Гергарчу хенахь талламан комитето дIаболор бу цо дийцинарг толлуш боллу болх.

Чиллан беттан 2-чу дийнахь Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас дехар динера нохчийн полицигара схьаэцна Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" центран декъан куьйгалхочуьнан Титиев Аюбан гIуллакх федералан талламан органашка дIало аьлла. Кадыров Рамзан реза вацара цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG