ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн хилла векал бехке вина бизнесхо лачкъорна


Москох талламхоша бозбунчалла лелорна бехк кховдийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Украинехь векал хиллачу Цуцулаев Рамзане, яздо "Кавказский узело". Цуцулаевн адвокато чIагIдо иза бехке вац бохуш.

"Кавказский узело" дийцарехь, Цуцулаев бехке вина Iедалан векална ницкъ барна а, бозбунчалла лелорна а. Иза иштта жоьпе озо мегаш ву адам лачкъорна а, ницкъ а беш, ахча даккха гIортарна а.

Цуцулаев лаьцна ву Москох. Пресненски кIоштан суьдан зорбанан секретаро Черников Алексейс бинчу хаамца, Чиллан-беттан 6-чу дийнахь цо чохь йоккху хан яхйина кхело Охан-беттан 7 де тIекхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG