Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а президенташа Путин Владимира а, ЭрдохIан Реджепа а барт бина Шемахь терроризмаца къийсам дIахьош шайн эскарийн а, кхерамазаллин ницкъийн а вовшашца йолу уьйраш чIагIъян. Цунах лаьцна дIахьедар дина Кремлан зорбанан сервисо.
Чиллан-беттан 8-чу дийнахь, телефонехула къамел деш, Путина а, ЭрдохIана а дийцаре дина Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а, ГIажарийчоьно а Шемахь кхин дIа юкъаметтигаш лелорца доьзна хаттарш.
Президентан Путинан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс бинчу хаамца, къамелехь хьахийна кхаа пачхьалкхан лидерийн цхьаьнакхетар вовшахтохарца доьхна хаттар. Амма иза маца хир ду билгалдаьккхина дац.