ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дейр-эл-Зорехь Асадан ницкъашна тохарш дина коалицино


Шема -- Iамеркан тIеман кеманаш.
Шема -- Iамеркан тIеман кеманаш.

"Исламан пачхьалкхаца" къийсам дIахьочу Iамерко куьйгалла дечу коалицино бомбанаш а, ракеташ а тоьхна Шеман Iедалан ницкъашна Дейр-эл-Зоре провинцехь. Цунах лаьцна хаам бина еарин дийнахь Шеман пачхьалкхан телевизионо.

Iамеркан официалан векло шен агIор дIахьедар дина Рейтер агенталле, 100 сов президентана Асад Башарана муьтIахь волу эскархо вийна шаьш аьлла. Цо дийцарехь, коалицин ницкъаша юкъахдаьккхина Асадан эскарша дан кечдина долу тIелатар.

Iамеркан эскаран векло дийцарехь, Дейр-эль-Зоре провинцехь оппозицин ницкъашна тIелатар дан кечвелла хилла 500 сов Шеман армийн эскархо, шайгахь яккхийн тоьпаш а, танканаш а, ракетан комплексаш а, минометаш а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG