ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европарламенто Титиев маьршаваккхар тIедиллина Оьрсийчоьнна


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Европарламенто резолюци тIеэцна Титиев Оюбан гIуллакхах йоьзна йолу. Цуьнца а догIуш, Оьрсийчоьнан Федерацина тIедиллина бакъонашларъярхо маьршаваккхар, хаам бо dailystorm.ru зорбанан гIирсо.

Европарламентан декъашхоша дагадаийтина Оьрсийчоьнна адамийн бакъонаш а, демократин кепаш а ларъян езаш хилар.

Европарламенто тIеэцна и резолюци дIакхачор ю Европан Кхеташоне а, ОБСЕ а, Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн Iедалшка а, парламенташка а, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а, Оьрсийчоьнан Iедале а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думе а, ткъа иштта Нохчийчуьрчу Iедалшка а.

Европарламенто тIеэцначу резолюцехь аьлла ду Титиевна биллина бехк харц бу аьлла.

Европарламентан резолюцеш ца хуьлу низаман ницкъ болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG