ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дешархо кхалхарна жоп лур ду Соьлж-ГIаларчу гимназин белхахоша


Архивера гайтаман сурт.

Соьлж-ГIаларчу гимназин директоран когаметта а, хьехархо а суьде озийна 12 шо долу кхиазхо кхалхарна. И бохам хиллера 2017-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь физкултуран урокехь.

Низамаш лардархоша бинчу талламан жамI ду теллина чекхдаьккхина долу бехктакхаман гIуллакх.

12 шо долчу кIантана тIе футболан ков дожарна жоьпаллехь лаьрра гимназин директоран когаметта а, физкултуран хьехархо а.

Гергарчу хенахь Соьлж-ГIалин Заводан кIоштан суьдехь луьстур ду и дов. Бехктакхаман артиклшца а догIуш, уггаре дукха 5 шо хан йогIу бехке болучарна.

XS
SM
MD
LG