ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан омраца а догIуш, ГАИ-н инспекторийн бакъо хир яц малар мелла суьдхой машенара охьабиссо. ХIинца церан бакъо ю, нагахь ша реза воцуш хIума делахь, хиллачух лаьцна шен хьаькамашка хаийтар.

Изза кеп лелар ю низам дохийначу прокуратуран белхахошца юкъаметтигаш къастош а.

Цуьнца цхьаьна цу документо бакъо ло инспекторшна миччахь а машен сацо. Хьалха иза дан мегаш дацара нагахь низам ца дохийнехь.

Кхин а цхьацца хийцамаш бина ГАИ-н белхахойн а, машенаш лелорхойн а юкъаметтигехь хьакхалуш болу. ХIинца некъан полисхойн бакъо яц машенца богIу нах карзахбохуш кIоршаме къамелаш дан.

Цул сов малар мелла хилар хьокъехь таллам бан дIавигина волу машенлелорхо цуьнан машенна тIе юхавало дезар ду некъан полицин белхахойн.

XS
SM
MD
LG