ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тIом бинчу нохчочунна тоьхна хан жимма лахйина Австрин кхело


Венерчу кхелехь. Архивера сурт.
Венерчу кхелехь. Архивера сурт.

ДАIИШ-ан могIаршлахь Шемарчу тIамехь дакъалацарна 10 шо хан тоьхнера 2016-чу шарахь Мухарбек цIе йолчу нохчочунна. Грацерчу кхело иза бехке винера террорхойн тобанехь тIом барна а, криминалечу тобан декъахиларна а.

Цу сацамна дуьхьал лакхарчу инстанцин кхеле латкъам бинера лаьцначо, шена тоьхна хан лахъяре доьхуш. Цуьнан дехарна жоп луш Грацерчу Лакхарчу кхело цхьа шой, ах шой тIера а даьккхина, бархI шой, ах шой набахтехь яккха хан йитина цунна.

Цуьнца цхьаьна чувоьллира вара боснихойн къомах волу имам Мирсад. Шен хьехамашца иракара а хIиттош Австрера кегирхой Шемарчу тIамехь дакъалаца бахийтарна бехке винера иза. Кхело 20 шо набахтехь даккха а кхайкхина чувоьллина волчу имама а бинера шена тоьхна хан лахъяр доьхуш латкъам. Амма цуьнан дехарна дацаре жоп делла кхелан лакхарчу инстанцино.

Бахьана – цу имаман Австрерчу бусалба кегирхошна юккъехь вуно лераме позици хилар ду. Кхелан кхеташоно бинчу сацамца, цу шен тIеIаткъамах пайда а оьцуш, шегара Iилма а, шен риторикан таронаш а зуламечу хьашташна хьажийнера Мирсадс. Кхелахошна хетарехь, имама дина зулам идеологин ницкъ шайца болуш дара. Цундела цунна уггаре а лакхара маршо ехкаран гIуда догIу.

Лакхарчу кхело бина сацамна дуьхьал кхин апелляци ян бакъо яц лийцинчийн. Цундела и сацам хIинцехь нуьцкъале бирзина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG