ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба Корейн президент цхьаьнакхетта Ким Чен Ынан йишица


Ким Чен Ынан йиша Ким Ё Чжон Iаьнан Олимпиада схьайоьллуш хиллачу церемонехь.
Ким Чен Ынан йиша Ким Ё Чжон Iаьнан Олимпиада схьайоьллуш хиллачу церемонехь.

Къилба Корейн президент Мун Чжэ Ин Чиллан-беттан 10-чу дийнахь Сеулехь цхьаьнакхетта Къилбаседа Корейн делегацица. Цунна юкъахь ю Къибаседа Корейн лидеран Ким Чен Ынан йиша Ким Ё Чжон.

ХIума а кхоллуш, цхьаьнакхетар хилла президентан резиденцехь. Исторехь дуьххьара Къилба Корейн лидеро тIеэцна КНДР-н куьйгалхочуьнан доьзалхо.

Къилбаседа Корейн делегацина юкъахь ву формалан кепара КНДР-н куьйгалхо лоруш волу 90 шаре ваьлла Ким Ён Нам. Иза ву Къилбаседа Корейн Лаккхарчу халкъан гуламан гIаьнтда.

Ким Чен Ынан йишас Къилба Корейн президенте дIаделла шен вашас цуьнга даийтина кехат. Цу тIехь Ким Чен Ына ша волчу Къилбаседа Корейе хьошалгIа кхайкхина Мун Чжэ Ин.

Къилбаседа Корейн делегаци Къилба Корейе еана Iаьнан Олимпийн Ловзарш хилар бахьана долуш. Олимпиада схьайоьллуш хиллачу церемонехь Ким Чен Ынан йиша трибунехь хиина яра Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президентана Пенс Майкана уллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG