ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мемориал: Нехан долахь йолу хIусамаш дIахьокхур ю Куршлойн-эвлахь


Куршлойн-эвла. Архивера сурт.
Куршлойн-эвла. Архивера сурт.

Нохчийчуьра Iедалш дагахь ду Куршлойн-эвлахь долахь долу 37 цIа дIахьакха. Царна юкъахь ду "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан цIа а, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, "Мемориал" центран тIе а тевжаш.

Бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло арахецначу пресс-релизехь дуьйцуш ду, бахархошна шайн хIусамаш йохор ю хиина хиларх лаьцна Чиллан-беттан 5-чу дийнахь, администрацин векалша шаьш маьждиг долчу гуламе кхайкхича.

Iедалан векалша хаам бина нехан хIусамийн метта махбаран центр хйийр йолуш ю, ткъа уьш долахь йолчера цхьа кIира ду дIакхалха аьлла.

"Мемориало" билгалдаккхарехь, Куршлойн-эвларчу бахархошна лур ю аьлла керла хIусамаш, амма кхин хIара ду аьлла сов хIумма а ца дийцина. Цул сов, хIусамашна чуьра арабохучу нахаца ца бина кехата тIехь чIагIбина болу цхьа а барт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG