ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Космосан кема хилла Маск Илонан Tesla Roadster машенах


 Маск Илонан Space X компанино Марсана тIе хьажийна Tesla Roadster космосехь.
Маск Илонан Space X компанино Марсана тIе хьажийна Tesla Roadster космосехь.

Маск Илонан Space X компанино Марсана тIе хьажийна Tesla Roadster машен юкъатоьхна, NASA HОRIZONS олучу космосан кеманийн базина. Цуьнан цIе хир ю хIинца Tesla Roadster/Starman. NASA-н Малхан Системан Динамика олу тоба ю цу базана Iуналла деш.

NASA HОRIZONS базина иза юкъатухуш дIаяздина Tesla Roadster-ан тIехь ю скафандар йоьхна манекен а, Азимов Айзекан "Бух" цIе йолчу книган электронан вариант а, SpaceX компанин 6 эзар белхахочуьнан цIераш тIехь йолу у а аьлла. Кеманан йоьзалла ю 1250 кила.

Falcon 9 олу 3 ракета вовшахтесна кечйина йолу Falcon Heavy космосе хьажийна Флорида штатерчу Канаверал олучу меттера Чиллан-беттан 6-чу дийнахь. SpaceX компанин куьйгалхочо Маск Илона бинчу хаамца, машен тIемаяьлла йоьдуш ю астероидийн асана тIе. Бахьана ду "Тесла" Марсана уллерчу орбите яккха езачу космосан аппаратан мотораша тIех сов болх бар.

Falcon Heavy гайтаман проект яра. Маск Илонан космосан программин коьрта Iалашо ю Марс планетина тIе космосан аппараташ а, адамаш дахийтар.

Маска дагалаьцна ма хиллара цуьна машен тIемаяьлла лелар ю космосехь миллионаш шерашкахь. NASA базехь Teslaан траектори лаьрра ю 2030 шаре кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG