ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афринан гергахь туркойн беркема дохийна курдаша


Шема -- Туркойн беркема чудаийтина Африн гIалана гергахь.

Туркойн тIеман беркема чудайитина курдийн герзхоша Шемарчу Африн гIалана гергахь. Цунах лаьцна Шоьтан сарахь хаам бина Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа.

Туркойн армин векалша бинчу хаамца, беркемана урхалла деш хилла 2 пилот кхелхина. Курдойн хьастанаша тIечIагIдина беркама чудаийтина хилар.

Шен агIор Эрдогана билгалдаьккхина, иза хилла "Туркойчоь тIом беш хиларна" аьлла. "Вайн беркема дохо а мега, амма иза динчара мах лур бу шаьш иза дарна", - дIахьедар дина Туркойчоьнан президенто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG