ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чиллан-бутт болабелчхьана бомбанаш йиттина 1000 сов маьрша адам дийна Шемахь


Шема -- MiG-23 тIеман кема бомнаша тухуш ду оппозbцин ницкъийн карахь йолчу Арбин гIала, Чилл.7, 2018
Шема -- MiG-23 тIеман кема бомнаша тухуш ду оппозbцин ницкъийн карахь йолчу Арбин гIала, Чилл.7, 2018

Чиллан-бутт болабелчхьана, тIеман кеманаша бомбанаш а, ракеташ а йиттина, 1000 сов маьрша адам дийна Шемахь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Воашахтохараллан дIахьедарехь.

ДIадаханчу кIиранах цу махкахь вийна 300 гергга маьрша вахархо. Царах дукхахберш байина Оьрсийчоьно гIо деш йолчу Шеман тIеман кеманаша тохарш а дина.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташоно чIагIдарехь, иза уггаре а кIоршаме еана хан ю, Шемахь 2011-чу шарахь тIом болабелчхьана.

Израило Шемахь бомбанаш а, ракеташ а йиттинчул тIаьхьа Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарлин секретаро Гуттериш Антониос кхайкхам бина, Шемара хьал сихонца маьрша даккха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG