ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бастрыкина толлур ду Домодедовера гIаьттина кема дохар


Кема охьадоьжна меттиг.
Кема охьадоьжна меттиг.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александара вуно мехала гIуллакхаш толлучу урхаллина тIедиллина Подмосковьехь хилла бохам таллар. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Талламан комитетан пресс-релизехь. Ша Бастрыкин вахана кема охьадоьжначу метте. Цо шен куьгалле оьцур ю талламхойн тоба.

ТIехь 71 адам долу Орске доьду Ан-148 некъахойн кема доьхна кIирандийнахь Подмоковьерчу Раменски кIоштахь, Домодедово аэропортера гIаьттина масех минот ялале. Адамаш делла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG