ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куьршалара 37 цIа дIахьокхуш ду Iедало


Куьрчалара 37 цIа дIахьакха дагахь бу Iедалхой. КIира хьалха хиина оцу хIусамашкахь бехачу нахана цунах. Меттигерчу администрацин белхахой чекхбевлира оцу урамех, цул тIаьхьа маьждига хьалха схьа а гулбина, дIакхайкхийра цIенош дIахьокхуш хиларх яздо "Мемориало".

ЦIенош лаьттинчу меттигехь йоккха йохка-эцаран, самукъадаккхаран комплекс дIахIотто Iалашо ю шайн, белхаш карабогIучу беттан хьалхарчу деношкахь дIаболо оьшу аьлла, шайн лаам бовзийтина Iедалхоша бахархошна.

Оцу юкъанна хIусамийн долахошца цхьана а кепара бертан кехаташна куьйгаш ца яздина, цIенойх, латтанех богIу мах дIабелла меттиг а бац, бакъонашларъярхойн информацица.

Ур-атталла, шайна вас хиллийла дIахаийта а ца хIиттина гулбелларш. Карарчу хенахь шайн бахам кIелхьара а боккхуш, ханна чу баха меттигаш лоьхуш бу уьш.

ДIахьокхучу цIеношлахь ду бутт хьалха марихуана яьккхина машенчуьра аьлла, бехке а вина, лаьцначу Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхочун Титиев Аюбан цIа а.

Керла хIусамаш хуьлуьйтур ю аьлла бахархошка Iедалхоша, амма билгал ца даьккхина, мича хенахь, дуьйцу "Мемориало".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG