ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхенчханехь кадамбо Оьрсийчуьрчу кеман тIехь беллачийн гергарчаьрга


Оьрсийчохь хиллачу авиакатастрофехь беллачийн гергарчаьрга кадамбарца лерина тезетан зона билгалъяьккхина Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето Пхенчханехь. Организацино яржийначу пресс-релизехь бу и хаам.

Иштта кадам бина кеман тIера 71 стаг валарца масех пачхьалкхийн векалша а. Ю царлахь Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а, Украина а, Гуьржийчоь а.

Ан-148 "Саратовн авиалинийн" кема доьхначу меттигехь орцанхоша дIахьош хилла гIоьналлин операци дIайирзина. Орцан министралло тIечIагIдина, салон чохь хиллачух цхьа а дийна висина цахиларх.

Беллачийн декъий лоьхуш ду карарчу заманчохь.

Кема дохаран бахьанех лору ша бар, кеман техникаца цхьаъ галдаьлла хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG