ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратовн кеманаш дIасалелар сацийна ханна


"Саратовн авиалинеш" авиакомпанино ханна сацийна шайн Ан-148 кеманийн дIасалелар. Компанин векалша Домодедовон кIоштахь чудеанчу кеманчохь веллачу 71 стеган гергарчаьрга кадам бина.

Оршотдийнахь Саратоверчу аэропортехь митинг хIоттош ю кеман экипаж а, пассажираш а дагалоцуш.

Оренбурган кIоштахь оршотде тезетан де санна дIакхайкхийна, 30 гергга кеманчохь хилла пассажир цигара хилла. Iедало церан гергарчарна компенсацеш лур ю аьлла.

Москох оршотденна лерина хилла массо а културан барамаш дIатеттина. Москохара – Орске доьду Ан-148 кема гIаьттинчул тIаьхьа чудеана кIирандийнахь.

Кема чударан версеш лору ша бина хилар, кеман техникан агIонца кхачамбацар хилар, адамаллин фактор а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG