ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Шемара полисхой юхабирзина сийлаллийца шайн декхарш кхочуш а дина


Шемарчу Алеппохь 1,5 шарахь эскарехь а лаьттина Нохчийчу бирзина полисхой. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина и хаам.

"Оьрсийчоьнан тIеман министраллан батальонера полисхой цIа бирзина тIаьххьарчу цхьана шарахь 6 баттахь а Шеман Алеппо гIалахь декхарш кхочушдинчул тIаьхьа. Майора Нумухаджиев Руслана куьйгалла динчу тобанера 393 тIемало могуш-маьрша даймахка вирзина", - аьлла шен ВКонтактерчу агIонехь хаамбина Кадыровс.

Мехкан куьйгалхочо дийцарехь, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан коьрта объекташ ларъярехь, бахархойн кхерамзалла а, юкъараллан къепе а сийлаллийца Iалаш а йина, юхабирзина уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG