ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна биткоин эца дагадеана


Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна биткоин эца дагадеана, криптовалюта кхуьуш терго латтон лаамца.

"Технологийн даим а хийцалучу дуьненахь юкъадолучу керлачунна тIаьхьакхуьуш хила веза стаг. Ас хьалхо дIакхайкхийра, Нохчийчохь блокчейн юкъаялор ю аьлла. Суна интересе ду инновацин эцначу хIуманах мах дIабала аьтто бен машанаш а, криптовалютан кхиам а гуш", - аьлла, яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.

"Бакъдерг дийцича, биткоинах ахча юкъадиллар шеконе хIума ду, доллучух вала а тарло. ТIехула тIе яьржина ю хьарамлонаш, курхаллаш хIокху сегментехь. Делахь а, хIара гIуллакх дехка мегар дац, мелхо а низамашка дерзо деза. Коьртаниг, бахархой ларбар финансийн пирамидех а, кхечу нах Iехоран зуламех а", - аьлла, тIетоьхна Кадыровс.

Карарчу заманчохь Оьрсийчохь биткоин латточарлахь йоккха паника ю, криптовалютан мах охьабаларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG