ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанерчу тIалибийн хьалханчан гIовс вийна


Пакистанерчу тIалибаша тIечIагIдина, Къилбаседа Вазирстанехь Iамеркан кемано вийна хиларх боламан командиран гIовс Мехсуд Халид. Оршотдийнахь тIалибаша динчу дIахьедарехь, Мехсуд вийна Горвак олучу эвланна тохарш деш.

Пакистанан къайлахчу сервисаша хьалхо хаамбинера, Саджна аьлча вевзаш волу Мехсуд верах. Пакистанан тIалибийн хьалханчас Фазлулла Муллас группан керла гIовс хIоттийна кхечу тобан командир Вали Нур.

Дийцарехь, Саджнас тIелатар динера Пакистанан Карачи гIаларчу тIеман-хIордан базанна 2011-чу шарахь. Иштта цунна тIетоьтту 2012-чу шарахь Баннау гIаларчу набахтенна дина тIелатар а.

Пакистанан пачхьалкхан кхерамзаллан ницкъашна тIелатар до тIалибаша. Пачхьалкхан суверенитет а йохош, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн кеманаша шайн территори тIехь тохарш дарна дуьхьал ю Исламабад.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG