ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехи: оьрсийн хакер Iамерке а ца луш, Оьрсийоьне дIавала лаам бу Земанан


Прагехь лаьцна оьрсийн хакер Никулин Евгений Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташка а ца луш, Оьрсийчоьне дIавала гIерта пачхьалкхан президент Земан Милош. Никулин Iамерко бехкево шайн пачхьалкхан компанийн социалан машанаш а, компьютерийн системаш а яьстина, персоналан хаамаш лачкъорна.

Чехин Respekt а, Aktualne а хаамийн гIирсаша дийцарехь, байначу баттахь Земана шозза къамел дина юстицин министрца Пеликан Робертца Никулинан кхолламах.

Кхелийн масех инстанцехь хакер дIавала веза, кхи дIа гIуллакх талла аьлла, сацам тIэцнашшехь, тIаьхьара цуьнан экстрадицех йист яккхар министрна тIехь ду.

2016-чу шарахь Прагехь чехийн полицино лаьцнера Никулин Евгений, Iамеркан дехарца Интерполо еллачу ордерца.

Никулинан адвокаташа чIагIдо, ФБР-н агенташа Iамеркан Демократин партин ресурсаш яьстина президентан 2016-чу шеран харжамийн кампани йоьдучу хенахь бохуш, цуьнгара кийтаронаш яха гIертара.

Хакерна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийначу Оьрсийчоьно а доьху Чехига Никулин схьавалар.

Чехийн гIирсаша бахарехь, стохка гурахь Путин Владимиран а, Земан Милошан а хиллачу цхьанакхетарехь а айдина хилла Никулинан хаттар.

Дукха хан йоццуш юха а шолгIачу ханна президентан даржехь висинчу Земан Милоша масийттазза дIахьедора, Москохца юкъаметтигаш тоян езарх а, иштта критика йора Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яхарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG