ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

АН- 148 кеманчохь хиллачийн меженаш карийна


Ан-148 кема доьжначу Подмосковьен Раменск кIоштахь 500 гергга геригаш а, 1, 5 эзар гергга беллачийн декъийн меженаш а карийна. ТАСС агенталло бина и хаам орцан министраллан штабан (МЧС) информацех пайда а эцна.

КIирандийнахь чудеана "Саратовн авиалинеш" кампанин АН-148 кема Москохарчу Домодедовн аэропортера гIаьттина Оренбурган кIоштара Орск гIала доьдуш хилла. Радарийн тергонера дайна иза гIаьттина масех минот яьллачул а тIаьхьа.

Доьхначу кеман геригаш хааелира Подмосковьен Раменск кIоштарчу Степановск олучу эвлахь.

Кеман чохь хилла 71 стаг, шайлахь 6 экипажан декъахой а болуш. Уьш берриш а белла.

Авиакатастрофа хиларан бахьанаш толлуш, зуьйш ду карарчу заманчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG