ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Гуьржийчуьра ведда Саакашвили Украина ирсе ян дагахь вара


Оршотдийнахь Киевехь лаьцна, Полше дIахьажийна оппозицин боламан лидер Саакашвили Михаил Варшаве кхьачна чартеран рейсаца аьлла, яздо Украинан гIирсаша. Маршо Радион корреспондентан информацица, оршотдийнахь ресторанехь лецира Саакашвили туьтмIаьжгашца болчу наха. Микроавтобус тIехь мича вуьгу а ца хоуьйтуш, дIавигинера иза. ТIаьхьо хааме делира, дозанхоша иза Полше дхьахьажийна аьлла.

Киевехь политик лацар цунна урок хир ю аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, Украинана муьтIахь иза волчу хенахь, "сирла седа" санна тIеоьцура Iедало, амма оппозицин ницкъаш цо ма кхоьлли, "зуламхо" хилла цунах.

"И ю-кх и йийцаре юьйцу демократи а, Саакашвилина – урок а. Гуьржийчуьра вада а ведда, Украина ирсе ян гIоьртира иза". – яздина Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG