ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарарчу футболан тобанна хьошалла дан кечлуш ю Соьлж-ГIала


2018-чу шеран дуьненан чемпионате йогIу Мисарара тоба лаккхарчу хьелашкахь, беза хьеший санна тIеэца Iалашо ю Нохчийчуьрчу Iедалхойн. Оргкомитетан декъашхошца хиллачу цхьанакхетарехь дина и дIахьедар Кадыровс, яздо "Нохчийчоь Тахана" агенталло.

"Вайн республикан имиджна доккха ниIмат ду Мисаран футболан тоба Соьлж-ГIала йогIуш хилар. Хьалхарчу президенто Кадыров Ахьмада бух биллинчу спортехь вай баккхий кхиамаш баьхна хилар дуьнено а къобалдеш хиларан билгало ю иза. Вай декхаре ду дайн бIешерашкарчу хьошаллин ламасташца уьш тIеэцар", - аьлла Кадыровс.

Мехкан урхалхочо тIедиллина оргкомитетна аэропртехь а, вокзалашкахь а, команда кхочу йолчу кхийолу объекташкахь а кечамбар.

Мисаран футболан тобано Соьлж-ГIалахь куп тоха сацам бина. The Local Hotel хьешан цIа ду цара чохь хан яккха къастийнарг. "Ахмат-Арена" базана гена йоццуш ю и отел.

Дагадоуьйту, дуьненаюкъара футболан чемпионат дIахьош ю кху аьхка, Мангал-беттан 14-чу дийнахь йолийна, Товбеца-беттан 15-чу кхаччалц.

Чемпионат схьайоьллучу цхьана тобане нисъелла Мисара а, СаIуда Iаьрбийчоь а, Оьрсийчоь а, Уругвай а. Матчашна оцу группан гурашкахь къастийна ю Москох, Екатеринбург, Петарбух, Ростов, Самара, Волгоград.

Хьалхара матч "Лужники" стадионехь хир йолуш ю, Оьрсийчоьнна а, СаIуда Iаьрбийчоьнна а юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG