ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудов Буденновскехь хилар тIечIагIдина тешо


1995-чу шарахь Буденновскехь, закъалтхой а лоьцуш, хиллачу тIелатарехь дакъалаьцна аьлла, бехкевен Даудов Бадрудди баккъал а цигахь хилла хиларх тоьшалла дина Махмудов Аслан аьллачу псевдонимца хьулвинчо. Новости агенталлан корреспонденто кхел йоьдучуьра бина и хаам.

Къилбаседа Кавказан тIеман кхело листа долийнера байначу беттан 23-чу дийнахь Даудовн гIуллакх. Шинарийдийнахь хеттарш дина къайлахчу теше видеозIеца.

"Оцу хиламан декъашхо ву со. Кхел йина а ву оцу артиклца. Суна вевзаш ву и стаг", - аьлла Махмудовс Дудовх хаьттича шега. Цо тIечIагIдина иштта, Буденновске баха кечлучу хенахь, карахь автомат а йолуш, цига боьлхучеран могIаршкахь гина шена иза аьлла.

Буденновскерчу коьртачу майданахь а гира шена, закъалтхой лоьцучу хенахь а тидам хилира шен цуьнан. "Сайна тарделла олийла дац сан", - аьлла Махмудовс.

Кхаа йоккхачу машенаш тIехь а, "Жигули" автомобилца а 1995-чу шарахь 160 тIемалой Буденновск гIала чубаьхкинера, байинчу оьрсийн салтийн декъий дохьуш догIу шаьш бохуш, 52 блокпотсна а, КПП-на а тIех а буьйлуш.

Талламан Комитетан зерашца, 1,5 эзар стаг лаьцнера тIемалоша йийсаре, 129 вийнера, 317 чевнш йинера.

Бертан дийцарш бахьана долуш, закъалтхойн ах дакъа маьршадаьккхира, ткъа тIелатар динчу тобанна Нохчийчу дIабаха некъаш даьстира.

ТIелатар вовшахтохарна бехке лору Басаев Шемал 2006-чу шарахь ГIалгIайчохь спецопераци дIахьош хIаллаквира. Яккхий хенаш а йиттина, набахтешкахь бахкош бу тIелеттачу тIемалойх цхьаберш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG