ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориал": Титиев политикан тутмакх ву


Боккхачу барамехь наркотикаш лелийна аьлла, бехкевина Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъан куьйгалхо Титиев Аюб, политикан тутмакх хилар тIечIагIдина бакъонашларъяран "Мемориал" организацино. И хаамбина цара шайн сайтехь.

Адамийн бакъонаш ларъярехь цо бечу балхана дуьхьало ярхьама айдина ду и гIуллакх аьлла хета бакъонашларъярхошна.

"Мемориало" карладаьккхина Кадыров Рамзана Титиев "анашаца наркоман" ву, бакъонашларъярхойн организацеша Нохчийчохь болх бийр бац, хIунда аьлча, уьш "къоман мостагIий" а бу, цара "мотт бетта", къомана юкъахь дискредитаци а йо алар а.

"Титиевн белхан накъосташна дика хаьа, иза узуш, молуш ца хиллийла а, наркотикашца цуьнан бала ца хиллийла а. Спортаца уьйраш а лелош, бусулбачунна тIехь долу декхарш кхочуш а деш вара иза. Цул совнаха, полисхойн версица, шен машенчохь боккхачу барамехь марихуана дIасаелош хилла цо, ткъа оццу юкъахь йоллу республикехь антинаркоманин кампани дIахьош яра, болу а, боцу а наркоманаш а сецош. Титиевна дика хаьара оцу кампанех а. Цундела оцу доллучо а шеконаш латтайо, Титиевн машенчуьра наркотикаш яьхна бохучух", - яздо "Мемориало".

Байначу беттан 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев Аюб. Талламчаша цуьнан машенчуьра марихуана яьккхина шаьш боху, ткъа Титиевс бехк тIе ца лоцу. Шена кхийсина ю аьлла цо полисхоша наркотикаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG