ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тиллерсон: "Исламан пачхьлкх" шех олу тоба ерриг а хIаллакъян еза


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа урхалла дечу коалицин декъшхошка пачхьалкхан секретара Тиллерсон Рекса Иракъера а, Шемара а "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба ерриг хIаллакъе аьлла. Шинарийдийнахь Кувейтехь коалицин декъашхошна хьалха вистхуьлуш, Тиллерсона дIахьедина, баккхий тIемаш берзор, тобанна тIехь толам баккхар дац аьлла.

ДаIишхойн карара даьлла, цкъа мацах церан контролехь лаьттинчу Иракъан, Шеман дозан доккхах долу дакъа. Амма хIетте а, аьлла цо, джихIадхой кхераме бу регионна а, ишта дуьненчуьрчу кхечу пачхьалкхашна а. Эксремистийн тобанхой бунтхой хила гIерта аьлла пачхьалкхан секретара, ОвхIанистан а, Филиппинаш а, Ливи а, Малхбузера Iамерка а, кхийолу а пачхьалкхаш а санначу меттигашкахь шайна къайладовлийла лоьху цара.

Вашингтоно 200 миллион долларшкахь ахча къастийна Шемахь маьршаяьхначу кIошташна гIоьнна, иштта Iамерко шемахошлахь вовшахтухур ду эскарш а.

2014-чу шархь, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано Иракъера а, Шемара яккхий кIошташ шайн куьгакIел ерзийча кхоьллинчу коалицех дIакхетта 70 сов пачхьалкх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG