ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа кадам бина Оьрсийчоьнан президенте


Iамеркан президенто Трамп Доналда телефонехула кадам бина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимре, "Саратовн авиалинийн" Ан-148 кема чударца доьзна. КIайчу цIийнан пресс-гIуллакххоша бина и хаам.

Оцу хаамехь дуьйцу, Цхьанатоьхна Штаташ Оьрсийчоьнан Iедалшна катастрофа хиларан бахьанаш толлуш гIо дан кийча ю аьлла.

Иштта Трампа дIахьедина, Гергарчу Малхбалехь чIагIо йоллуш машаран барт барехь а цхьаьна болх бан хан кхаьчна хиларх.

"Шина президенто дийцаредина вовшашна интересе хета кхидолу хеттарш а. Къилба Корей зарратан кхерамах хьалхаяккхарх а дийцина цара", - аьлла, яздина ду хаам тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG