Байначу баттахь Венерчу Кеплерплатцан гергахь масех нохчийн кегирхойх лата чугIоьртинера овхIанхойн тоба. Уьш дIасакъастон юккъеваьллачу 24 шо долчу австрихочунна а, ткъа иштта цхьана нохчочунна а урс тоьхнера царах цхьаммо. И талор шаьш динчу меттера дIабоьлхуш болу овхIанхойн новкъахь кхин цхьана стагах леттера. Цунна тIехь оьрсийн йоза долу коч хиларна, иза нохчо хила мега аьлла сацам бинера цара.
Масех баттахь цу кIоштарчу урамашкара видеокамерашна тIерачу йозанашна таллам бинчул тIаьхьа полисхойн аьтто баьлла талорхой билгалбаха. Венерчу прокуратурано урс тоьхнарг кхеле велла ца Iаш, цуьнца хиллачех кхин цхьа жимстаг а жоьпалле озийна. Церан дов хоттуш ду шинариндийнахь Венерчу кхелехь.
19 шо долу урс тоьхначуьнга стаг вен гIортарна барт хоттуш бу, ткъа цуьнан накъосте - стаг вен гIортарехь дакъалацарна.