Шен Телеграм - каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздо, спекулянташа а, Малхбузен моттбеттаргаша а Iиттарш яхь а, республика юхаметтахIоттош белхаш ша дIабийр хиларх.
Карарчу хенахь Куьршала гIалин статусе ерзо гIерташ, къахьоьгуш ду шаьш. И Iалашо кхочушъярхьама мехкан урхалло кхиош ю экономикан а, бахаман а сфераш аьлла Кадыровс.
"Бахархошна тоьлла цIенош ду деш. Уьш реза а бу. Бертаза цхьа а вац чуьра аравоккхуш, бахархойн лаамца ду дерриг а. Наха кехаташна куьйгаш а яздо, шайн дахаран хьелаш тодан шаьш реза хилар хоуьйтуш", - яздо мехкан куьйгалхочо.
Адамийн бакъонаш ларйо шаьш а бохуш, кхеташ дац, хьенан интересаш ю цара хьалха яьхнарш. Царна я низамаш а ца девза, я уьш лар а ца до цара, боху Кадыровс. "Уьш Малхбузен моттбеттаргаш бу. Церан аьшпех даккхий ахчанаш ло царна", - яздо Кадыровс шен пена тIехь.