Нохчийчохь кхиазхойх леташ яьржинчу видеон хьокъехь бехкзуламан гIуллакх айда дуьхьало йина талламчаша, зуламан хIоттам бац цуьнца аьлла, яздо "Мемориал" центро.
Маршо Радионо яздира стохка ГIуран-баттахь бакъонашларъярхоша кхиазхошна еттарх прокуратуре бинчу хаамаех. Камерана хьалхха Шелковск кIоштарчу бахархошка гечдар дехийтира полисхоша церан дов хиллачу Иласхан-Юьртарчу бахархошна гергахь.
WhatsАpp-ехь Iораяьккхинчу видео тIехь гуш ду, Иласхан-Юьртара божарий сийсазбиначарна етташ, барт хоттуш. Полисхойн духарца волчу цхьаммо кхиазхочун юьхь тIе етташ, гечдар дехар тIе а дожош, гойту цу видео тIехь. ЙоI ю лецначарлахь.
"Хьо саннарш ма бу байа безаш", - олий, вистхуьлу гуш воцу цхьа стаг а.
STAV.AIF.RU агенталле махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакхоша дийцина, оцу инцидентна гонах бина талламаш хиларх. Цара гайтарца, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой декъах бац оцу гIуллакхна я полисхойн дозан тIехь хилла а дац и сурт аьлла, дIахьединера министралло.