ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куьршаларчу нахана ницкъбо бохург бакъ ца дина парламентан спикеро


Майлистори социалан машанехь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада, Куьршалара нах бертаза шайн хIусамашкара арабохуш бу бохуш, лела къамелаш, цхьа а бух боцуш ду аьлла, яздина.

"Вайн мехкан куьйгалхочо бахархойн дахаран хьелаш тодархьама дерриг а деш ду. Иштта бара хьалхарчу президентан Кадыров Ахьмадан лаам а. Шен дех диссина гIуллакх дIакхоьхьучу Кадыров Рамзана адамийн сатийсамаш кхочушбо. Амма бу спекуляци а лелош, факташ хуьйцуш, харцдерг кхуллу нах. Цара са ца гатдо шайн махкахошна, бакъонаш ларйо бохуш, дIахьедарш дахь а.

Иштта хилира Шелахь а, Гуьмсехь а, Нойберехь а. Мехкан куьйгалло баккхий хийцамаш болошшехь, гучубуьйлу и хабарчаш", - аьлла, яздина Даудовс Майлисторехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG