ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь эккхийтарш дан кечам барна кхеле озийна нохчий


Венерчу кхелехь кхаарий дийнахь дIайолаеллачу процессехь дов хоттуш ду кхаа стеган. Даханчу шарахь Австрерчу Санкт-Пельтен гIалахь терроран эккхийтарш дан кечам барна бехке беш бу и нах. Царах шиъ нохчийн къомах ву. 19 шой, 22 шой долуш ву и шиъ. КхозлагIниг 19 шо долу им диллина австрихо ву.

Прокуратурано чIагIдарехь, и кхо стаг ДАIИШ тобанерчу цхьана нохчийн къомахчу тIемалочуьнца зIенехь хилла. Абу Нохь цIе йолчу цу тIемалочо омра дина хилла царна, Австрерчу цхьана гIалахь терроран тIелатар де, аьлла. Цу Iалашонца полисхой байъа безаш хилла талорхоша. Цул совнаха, царна шайн аьтто балахь зударий а, бераш а дайъа а магийна хилла ДАIИШерчу омрадалархочо.

Шайн планаш кхочушъярхьама Санкт-Пелтенера герз духкучу туьканна тIелатар дан Iалашонаш кхобуш хилла и нах. Цу чохь шаьш лачкъийначу герзаца полисхой байъа дагахь хилла уьш.

Венерчу кхелехь лакхара кхерамазаллин гIулчашца ларъеш ю процесс дIахьош йолу чоь. Лийцинчарна хенаш кхайкхор билгал маца хьалха-тIаьхьа дер ду хууш дац, Маршо Радионе кхелан векало бинчу хаамца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG