ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дахаран хьелаш аьхна долчу регионийн керла талламан зераш Iорадаьхна статисташа. Цаьрца а догIуш, дикаллин гайтамаш болчу тептаре яьккхина Москох, Петарбух, Москохан кIошт а. 70 балл кхаьчна оцу регионашна.

Дозалла дойла ю ГIезалойчоьнан а (65,59 балл), Белгородан кIоштан а (64,00), Краснодаран кIоштан а (62, 89 балл) бахархойн а.

ГIирмерчу бахархойн хьелаш а хиллачаьрца дуьстича мел а гIолечу хьолехь гайтина кху шара (40 балл).

Юккъерачу барамехь ю аьлла Нохчийчуьрчу бахархойн дахаран таронаш 36, 60, Кхарачойн-Чергазийчоьнан 25, 03, ГIалгIайчоьнан бахархойн 19, 53 аьалла, хаамбина "Рейтинг" агенталло.

Кху тайпа рейтинг Iорайоккху хIора шарахь Чиллан-баттахь.

XS
SM
MD
LG