ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан бахархой байина Шемахь


Шемахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн кемаша динчу тохаршкахь байинчу кхин а кхаа Оьрсийчоьнан вахархочун цIераш билгалъевлла. Талламчийн Conflict Intelligence Team группано гулбина и хаамаш.

Артиклехь вуьйцу Лахарчу Новгородан вахархо Шихов Алексей, Украинехь хьалхо тIемаш беш хилла волу.

Иштта вийна "Триединая Русь" патриотийн организацин Владимр цIе йолу декъашхо, вуьшта "Апостол" цIарца вевзаш хилла.

Свердловск кIоштан Кедровое олучу эвлара ву кхоалгIаниг, Гаврилов Руслан.

Дахначу оршотдийнахь "Медиазона" портало а хаамбира Шемарчу Вагнеран цIарахчу тIеман компанехь хилла пхиъ Оьрсийчоьнан вахархо верах.

XS
SM
MD
LG