ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхи дуьйцур дац даймехкан тIамех хетарг...


Нохчийчоьнан парламенто шен рогIерачу кхеташонехь йийцаре йийр йолуш ю Даймехкан Сийлахьчу тIамехь хилачух харцдерг дийцар доьхкучу низаман проект. Аьшпаш баржочарна а, оцу тIеман ветеранийн сийдойучарна луьра таIзар дан деза аьлла хета нохчийн парламентехь. И хаам баржийна цуьнан зорбан-сервисо.

И сацам парламенто бина дукхаа хан йоцуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана и гIуллакх хьалхатеттича.

Историн Iилман кандидатан Хатуев Исламан шен хеннахь айдина гIуллакх ду боху иза. "Цхьацца автораша вайн къам сийсаз а деш, жайнеш язъеш белхаш бо. Харц хIума ду цара дуьйцург. Вайн бакъо хIунда яц вайна луьйш берш совцо вайн пачхьалкхехь? Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думе и хаттар а даьккхина, иштта иза ца дахь, и нах совцур бу аьлла ца хета суна".

Дуьненан шолгIачу тIамехь нохчаша дакъалацар харцдан гIерташ дуккха а ницкъаш бу, Оьрсийчохь а, кхечу метигашкахь а аьлла хета историкна Хатуев Исламна.

Беккъа нохчий 40 эзар сов хилла оцу тIамехь, са а, дегI а ца кхоош дакъалоцуш, ткъа иза бакъ дац бохуш, йозанашкахь къахьоьгуш дуккха а нах бу, элира цо: "Дера ба-м бу хIинца а. Пыхалов вара интернет чохь и тептарш чукхуьйсуш. Иза цхьа жимма сецна. Вайн махкахь ма ца хоьцу кхин къаьмнаш аьшнаш деш книгаш. И гIуллакх саца ца дахь, цхьа книга а дукха ю аьлла хета суна".

Нохчийн парламенто кховдина и низам тIеоьцура ду аьлла ца хета юкъаралхочунна Зубайраев Мохьмадна. Историн бух хийца безар ма бу и низам вай ма бохху хийцахь, элира цо: "Пачхьалкхан Думо тIелоцур дац и низам. Иза тIеэцахь, дуккха а историкаш чубохка безар бу. Цара харцийна ма ю оцу тIамах лаьцна истори. Немцошна тIе а тайна, тIом бина бохург ду-кх харцдерг. ДIахьовсийша, немцошца цхьана тIом бина мел дукха ю тобанаш церан. Ас-м Власов а ца вуьйцу. Иза ю-кх истори".

ТIедогIучу еариндийнахь дуьххьара дийцаре дира ду Нохчийчуьрчу парламентехь и гIуллакх. Нагахь санна, кхузахь низаман и проект тIеэцахь, иза къобал ян хьажор ю Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG